Вайн халкъан кхане йу бераш. Цундела, шайн матте болу безам царалахь бераллехь дуьйна баржо безаш бу.
Рамзанан Хадижатан тӀедожорца а догӀуш, нохчийн мотт бовзийтарца а, марзбарца а боьзна кхетош-кхиоран болх бу берийн бошмашкахь дӀахьош.
Шайна нохчийн мотт бовзар а, цуьнга шайн йолу марзо а тхуна йовзийтира №112 йолчу «Синтар» берийн бешахь.
Дала вайн къомана а, махкана а беркате дойла вайна тӀекхуьуш долу чкъор!