Новый 2023 год

размещено в: Новости | 0

Соьлжа-гlалин Мэрин школал хьалхарчу дешаран Департаментан коллективан а, цуьнан куьйгалхочун Кадырова Хадижатан а цlарах оха даггара декъалво Керлачу шарца, уггаре хьалха, Лараме Мехкан Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан а, иштта вайн мехкан бахархой а!
Дала декъалдойла шу!
Дала ирсаца, беркатца даитийна хуьлийла хlара Керла шо!
Хазахетарша дог делош, балха тlехь кхиамаш совбовлуш, доьзалехь барт, безам чlагlлуш, догlийла хlора а де кху тlедеанчу Керлачу шарахь!
Везачу Дала вайн сатуьйсучу дикане кхачадойла вай!