«Фольклоран йукъарлица ненан мотт Iамор» цIе йолчу темина лерина, кхетош-кхиорхошна йуккъера семинар дIайаьхьира №20 йолчу «Вишенка» берийн бешахь.

размещено в: Новости | 0

«Фольклоран йукъарлица ненан мотт Iамор» цIе йолчу темина лерина, кхетош-кхиорхошна йуккъера семинар дIайаьхьира №20 йолчу «Вишенка» берийн бешахь.

Берашкахь мотт кхиийна а ца Iаш, иштта эмоциональни агIор уьш кхиорехь а ондда гIирс хилла дIахIуьттур долчу туьйранех а, иллех а, кицанех а лаьцна дийцира семинаран дакъалацархоша. Шен башхалла а, кхеташ хилар а бахьана долуш, фольклоро доккха гIо-накъосталла до берашна чолхечу кхетамашна тIекхиа а, церан суртхIоттор кхио а.

Культурни башхалла кхолларехь а, исторически тIаьхьалонца долу гергарло, уьйраш чIагIйарехь а, бераллехь дуьйна, берашна доккха гIо-накъосталла до мотт Iаморо. Ткъа уггаре мехала а, коьрта а ду мотт хиъна а ца Iаш, цуьнан хазалла а, мехалла а царна йевзаш хилар.