Нохчийн меттан денна лерина даздаран цхьаьнакхетар дІадаьхьна Nº5 йолчу «Дики» @diki_magic_castle берийн бешахь.
Оцу цхьаьнакхетарна башхачу, хазахетаречу сахьийзарца кечделлера бераш: байташ йийшира, эшарш лийкхира, иштта, къоман халхарца доьзна шайн хаарш а довзийтира.
Къеггина д1адаьхьира цхьаьнакхетар, берийн бешан дахаре хазахетаран хьал а дохьуш.