Лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан, Мусан Медни, Рамзанан Хадижа , дерриге а нохчийн къам!

размещено в: Новости | 0

Лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан, Мусан Медни, Рамзанан Хадижа @khadijakadyrova , дерриге а нохчийн къам!
Шен куьйгалхочун Киндаров Муслиман ц1арах Соьлжа-Г1алин мэрин ишколал хьалхарчу дешаран департаменто а, иштта ведомсвтвон массо а хьукматаша а даггара декъалдо шу вайн къоман коьртачех долчу дезчу денца — Нохчийн меттан денца!
НР-н Хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас олура: «Шен мотт а, культура а 1алаш мел до дехаш ду къам».
Соьлжа-Г1алин Мэрин ишколал хьалхарчу дешаран департаменто вайн пачхьенан берийн бошмашкахь д1ахьош ненан мотт 1алашбарехула а, баржорехула а тайп-тайпана мероприятиятеш йу.
Цул сов, Кадырова Рамзанан Хадижин д1адолорца йолийна къоман кхачанийн х1ора шеран ярмарка йу, Нохчийн меттан денна лерина. Ламасте дирзина ма-хиллара, Соьлжа-Г1алин зезагийн паркехь д1айаьхьира иза.
Мероприятина лерина иттанаш кхачанаш кечдинера берийн кхиорхоша а, наноша а.
Ч1епалгаш, хингалш, т1о-берам, сискал, галнаш, кхиболу кхача бара шуьнехь
Иштта вайн къоман кепехь кечйина концертан программа а йара даздарийн мероприятиятехь. Даймахкана а, нохчийн маттана а лерина хелхаран лоьмарш а, эшарш а кечйинера берийн бошмийн кхиархоша.

Шена тайна кхача леррина х1оттийначу мехаха эца йиш йара хьеннан а.

Цу ярмаркин кхин цхьа башхалла — цуьнан 1алашо г1оьнна лерина хилар йара. Вовшахкхетта долу ахча Нохчийн Республикин Йаздархойн Союзана д1алур ду, ткъа цо иза цомгуш болчу поэташна а, йаздархошна а дарбанна хьажор ду.