Таханлерчу берийн карахь йу вайн кхане!
И кхане хьокъала доллуш хилийтар коьрта Ӏалашо цундела а йу.
Стеган дахаран лард ларалуш йу цуьнан дин.
Ийманехь кхетош-кхиоран «Исламан зӀаьнарш» гуламехь шайна Ислам-динан йуьхьанцара хаарш довзар гайтира №26 йолчу берийн «Маугли» @maugli_26_sad бешан кхиархоша.
Башха дийшира цара шаьш дагахь Ӏамийна Сийлахьчу Къуръанан сураташ, доӀанаш, иштта, дийцира Ислам-динан 5 лардах а, Ийманан 6 лардах а, Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) пайхамаран дахаран а хьокъехь.
Дала Ӏилманехь а, хааршкахь а совбохийла вайн къона кхиархой!
Вайн къомана а, махкана а беркат а, пайда а бойла царах