Ненан мотт, хууш ма-хиллара, къамелан гӀирс хилла Ӏаш бац — халкъан культурин тӀаьхьалуонан доккха дакъа а ду иза.

размещено в: Новости | 0

Ненан мотт, хууш ма-хиллара, къамелан гӀирс хилла Ӏаш бац — халкъан культурин тӀаьхьалуонан доккха дакъа а ду иза.

Вайн халкъан башха са а, амалш а, культура а вайна вешан ненан маттаца йевзаш а, вайх дӀауьйш а йу.

Соьлжа-ГӀалин мэрин Ишколал хьалхарчу дешаран департаментехь дӀайаьхьна кхиархой кхетош-кхиорна лерина а йолуш, Ӏаморан семинар.

«Кхиархошлахь къоман а, патриоталлин а амалш кхиорехь нохчийн йаздархойн говзарийн буха тӀехь гайтамийн гӀуллакх дӀадахьар» темица йоьзна йара иза.

Гайтамийн гӀуллакхан гӀоьнца берашлахь шайн ненан матте а, культуре а, ламасташка а, исторе а безам кхолларан агӀонаш йийцаре йира цигахь.

Цу тайпанчу цхьаьнакхетарех пайда а, вайн кхиархой кхиорехь керла зеделларг а хирг хиларх тешаш ду.