ВАЙН БЕРАШНА ЧӀОГӀА ДЕЗАШ ДОЛУ КХОЛЛАРАЛЛИН ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ
ХӀинца, рогӀера цхьаьнакхетар, №114 йолчу «Надежда» берийн бешахь дӀадаьхьна, Азаев Хьамид хьаша а волуш — Кадыровн орденан кавалер, РФ-н хьакъволу артист, НР-н халкъан артист.
Школазхойн дешаран балхана йукъахь къоман культура хилийтарна а, йаржорна а къаьсттина тидам тӀебохуьйтуш хиларе терра, цӀейахханчу хьешан цхьайолу спектаклаш йевзаш йара царна.
Хьешана хазахетарш даран декъехь бераша байташ а йийшира, кегий-кепаш а гайтира, халхарш а дира, и.д.кх.а.
Иштта, халкъан артистан дахарца а, кхоллараллица а доьзна синкӀоме хаттарш а дира бераша.
Ткъа Хьадидан Хьамида шен корматаллин кхоллараллица боьзна хиламаш бовзийтира берашна.
Цхьаьнакхетаран чаккхенехь Рамзанан Хадижатера Баркаллин кехат а делира, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала гӀазот къобалдойла цуьнан) цӀарахчу Йукъараллин фондера ахчанан совгӀат а дира Азаев Хьамидна.
Дала тӀаьхье беркате йойла!