Ненан мотт — халкъан са

размещено в: Новости | 0

Ненан мотт — халкъан са

Мотт а, культура а хӀора а халкъан йаккхий хазнаш ларалуш йу.

Бераллехь дуьйна шен матте а, культуре а безам кхуллуш бен кхиалуш дац Даймохк безаш а, махкахочун кхетам болуш а долу кхиаме адам.

Нохчийн меттан денна лерина даздаран цхьаьнакхетар дӀадаьхьна №5 йолчу «Дики» @diki_magic_castle берийн бешахь.

Оцу цхьаьнакхетарна башхачу, хазахетаречу сахьийзарца кечделлера бераш: байташ йийшира, эшарш лийкхира, жима-кепаш гайтира, иштта, къоман халхарца доьзна шайн хаарш а довзийтира.

Къеггина дӀадаьхьира цхьаьнакхетар, берийн бешан дахаре хазахетаран хьал а дохьуш.