Башхачу нахаца долчу тхан кхоллараллин цхьаьнакхетарийн мур дӀабоьдуш бу!
РогӀера цхьаьнакхетар №115 йолчу «Карусель» @mbdou115_karusel берийн бешахь дӀадаьхьна – Соьлжа-ГӀалин МБУ «ЦБС» №11 йолчу библиотекина куьйгалла дечу Юсупхаджиева Азица.
Ненан маттахь а йолуш, хьешана лерина дийнна кхоллараллин программа кечйинера кегийчу кхиархоша. Цуьнан гурашкахь цара гайтира жима-кепаш, йийшира байташ, лийкхира эшарш, иштта, хелхарш а дира.
Тамехьчу, беркатечу хьолехь дӀадаьхьира цхьаьнакхетар.
Цуьнан чаккхенехь Рамзанан Хадижатера Баркаллин кехат а делира, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала гӀазот къобалдойла цуьнан) цӀарахчу Йукъараллин фондера ахчанан совгӀат а дира Юсупхаджиева Азина.
Дала беркате дойла вайн цхьаьнакхетар!