ГӀовгӀане, самукъане, довзаре
№142 йолчу «Карамель» @detsad_142_karamel берийн бешахь иштта дӀайахара «Бовза, беза хьайн Даймохк» аьлла а йолуш, тхан школазхошлахь хилла брэйн-ринг.
Кегийчу хаархоша, ловзарна дикка кечамаш а бинера, нохчийн маттаца доьзна шайн хаарш шовкъаца а довзуьйтура.
1-ра меттиг №142 йолчу «Карамель» берийн бешарчу «ЦӀоькъалоьмаш» тобано йаьккхира.
2-гӀа меттиг кхаьчнарш бара №144 йолчу «Орленок» берийн бешарчу «Аьрзу» тобанан векалш.
Ткъа 3-гӀа меттиг №140 йолчу «Аленький цветочек» берийн бешарчу «Толламхой» тобанна кхечира.
Соьлжа-Г1алара Мэрийн школазхойн дешаран Департамента куьйгалахо йолчу Рамзанийн Хадижатера хӀора а дакъалацархочунна сийлахьа кехат а, совгӀаташ а даларца дирзира тхан цхьаьнакхетар.
Декъалво хӀора а дакъалацархо!
Дала кхиамашкахь совдохийла вайн бераш!