Жимчохь 1амийнарг, т1улга т1е йаздина йоза ду
Тlекхуьу къона чкъор кхиорехь, цунна хьалха хlитто йезаш йолу lалашонаш дукха хьалхе а, нийса а хlиттийна хила йезаш йу.
Муьлххачу стеган а дахарехь хила йезаш йолу уггаре а коьрта lалашо — иза цуьнан дин ду.
Вайн №54 йолчу «Седа» @mbdou_seda_54_ берийн бешан кхиорхошна йуккъехь д1абаьхьира къовсам «Исламан серло».
Бераша, вовшашца къийса а луш, шайна бусалба динан баххаш девзаш хилар а довзийтира, Сийлахьчу Къуръана тlера шаьш lамийна сураташ а дийшира.
Дала вайн т1екхуьуш долу чкъоран пайдехь а, беркате а хуьлуьйтийла кху тайпана къийсадаларш!